Конспект урока по чеченскому языку Доладерзоран билгалдешнаш

Автор публикации:

Дата публикации:

Краткое описание: ...


Урокан ц1е Доладерзоран билгалдешнаш.

1алашо: Билгалдешнийн тайпанаш довзар. Хаа деза уьш вовшех къасто. Муьлхачух олу Доладерзоран? Цара х1ун гойту? Оьздангала кхиор.

Урок д1аяхьар.

1.Ойла т1еерзор.

2.Харжаран диктант

Сихха хьалахьажийра аса б1аьргаш. Лекхачу екх- начу стиглахула тийна нека деш къилбехьа оьланаш йина д1ашершара к1айн, кегийн, яйн мархаш. Щеххьана сан коьрта т1ехула хьаьвзира кегийчу чуьркийн дийн- на цхьа ж1уга. Сан бага а, меран 1уьргаш чу а, б1аьргаш чу а г1оьртира уьш. Царех масех чуьрк хааелира суна сайн метта т1ехь. Цхьаъ таттаелла легашка а кхаьчна, садукъделла йовхарш етта волавеллачу сан б1аьргех а, мерах а хи хьаьдира. ... Екъа къамкъарга чуьра чуьрк ара кхосса аьтту белира сан. Оццу минотехь хьаькх- начу байчу механ т1улг1ено йовдийна юьстаха ехира чуьркаш. (Хъ. Саракаев)

  • Х1окху кийсак т1ера схьаязде билгалдешнаш ц1ердешнашца цхьаьна. Х1иттаде хаттарш. Дийца, х1ун гойту билгалдешнаша.

  • Муьлхачу къамелан декъаца уьйр ю церан? Муха хийцало уьш?


3.Ц1ахь бина болх таллар


1. Ц1ахь кхочушдина 28-г1а шардар д1адоыыу, билгалдешнаш юкъара д1а а даьхна, цул т1аьхьа - уьш юкъахь а долуш.

Билгалдешнаш юкъахь долуш я доцуш дика муха кхийтира шу оцу предложенийн чулацамах? Муха табо вайн мотт билгалдешнаша? Уып юкъара д1адаьхча буьз- зина чулацам хир буй вай дуьйцучун?

  • Муха хийцало билгалдешнаш? Шардарна т1ера да- ладе масалш.

  • Хьалхарчу предложенина бе синтаксически къа- стам. Предложении муьлха меже хуьлий лела билгал- дош?

4. Керла коьчал йовзийтар



1. XIapa дешнийн цхьаьнакхетарш кепан дог1учу тайпане д1анисде:

  1. аьттан шура, йишин бер, Эдалханан некъаш, цхьогалан ц1ока, г1умкийн мотт;

  2. аьчкан ков, таханлера де, лулара нах, хьалха- лера зама, дененан туьйра;

  3. хала хьесап, дуткъа к1ади, дера хьаьким, то- кхе гуьйре, лекха дег1.

    1. Маса тайпа ду билгалдешнийн? Щерш яха це- ран.

  • Муьлха билгалдешнаш нисдина хьалхара кепа чу?

  • Х1ун гойту цара?

  • Муха ду церан хаттарш?

Иштта болх бо дешархоша, дисина дешнийн цхьаьнакхетарш, шайн маь1не хьаьжжина, дог1учу тайпанаш- на чу а нисдеш.

  1. Дешархошка йоьшуьйту 2-г1а §.

Муьлха билгалдешнаш яздо доккхачу элпаца?

Даладе масалш.

5.. 1амийнарг т1еч1аг1дар

  1. Кхочушдо 32-г1а шардар.

  2. Гуьйре, стигал, мархаш, мох, латта, аренаш, хьан- наш, акхарой, олхазарш, г1аш, дитташ, хи, зезагаш, буц, дог1а бохучу ц1ердешнашна уллохь язде билгал- дешнаш, шайн оьшучу терахье а, дожаре а х1иттош. Билгалдешнийн тайпанаш билгалдаха.

муха? муха? муха?


Ken: Хаза гуъйре, дашо гуьйре, шийла гуьйре.

  1. Шаьш кхоьллина дешнийн цхьаьнакхетарш юкъахь а долуш, х1иттае предложенеш.

  • Муьлхачу хенах лаьцна дуьйцу оцу предложене- ша?

  • Шина-кхаанна (предложенина) бе синтаксически къастам.

  • Билгалдешнаш муьлха меже хуьлий лела?

хьенан? хьенан?

  1. Пхьагалан ларо гайтира цуьнан бен. Пхъагалан дог дара оцу к1иллон кийрахь.

Хьалхарчу предложенехь долчу билгалдешан тай- па билгалдаккха.

Шолг1ачу предложени т1ера билгалдош дуй оцу тайпанера? Х1унда дац?

Берзан дог бохучу дешнийн цхьаьнакхетар юкъахь долуш х1иттае оцу кепара предложенеш. Билгалдешнийн тайпанаш муха ду? Х1ун гойту цара?

  1. Оьзда, к1еда-мерза йоккха с таг яра Мурадан нана. Дарлой, оьг1азе йист ца хуьлура иза Бетаран берашка.

  • Билгалдешнийн тайпанаш язде царна т1ехула.

  • Муьлхачу элпаца яздо долахь долчу ц1арах хил- ла билгалдош? Даладе масалш.

  • Оцу предложени т1ехь юй синонимаш? Муьлха къамелан дакъош ду уьш? Предложении чулацам к1аргбиний цара?

6.Жам1 дар:

  1. Муха къастадо билгалдешнийн тайпанаш?

  2. Мухаллин билгалдешнаша х1ун гойту, муьлхачу хаттаршна жоп ло цара? Даладе масалш.

  3. Юкъаметтигаллин билгалдешнаш. Даладе масалш.

  4. Доладерзоран билгалдешнаша муьлхачу хаттаршна жоп ло? Х1ун гойту цара? Муха яздо долахь йолчу ц1арах кхолладелларг?

Даладе масалш.

7.Рефлекси.

.

Ц1ахь бан болх

    1. 1амае 2-г1а §. Шардар 28