Урок на тему6 Архаизмаш, историзмаш, неологизмаш.

Автор публикации:

Дата публикации:

Краткое описание: ...


10 кл. Урок№ терахь


Тема: Архаизмаш, историзмаш, неологизмаш.

1алашонаш:

1аморан: 1. Архаизмех, историзмех, неологизмех юкъара кхетам балар .

2. Уьш кхидолчу дешнех къасто а хаар;

Кхиаран: 1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;

2.Шайн маттахь долу керла а,ширделла адешнаш довза хьашт хилар ч1аг1дар;

Кхетошкхиоран: 1. нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна

йовзийтар,берийн нохчийн матте безам кхиор;

2.Шен мехкан 1аламе безам кхиор.

Урокан тайпа - керла тема Iамор.

Урок д1аяхьар.

Ойла тIеерзор (мотивация)

Маьрша дог1ийла шу, хьоме бераш!

Тахана вай цхьаьна д1ахьур ю

Коьртаца ойла ян еза,

Дагалацам хила беза,

Дуьйцург дагахь латто деза,

Рог1ера беркате урок.

I. Ц1ахь бина болх таллар.

9-г1а шардар толлу

Карладаккхарна хаттарш:

1.Стенах олу лексика?

2.Омонимаш стенах олу?

3.Синонимийн,антонимийн башхалла йовзийта.



II. Керла коьчал йовзийтар

Хьехархочо довзуьйту, цхьа а мотт беккъа ц1ена шен дешнех лаьтташ цахилар. Зама хийцаяларца цхьадолу дешнаш юкъара д1адовлуш, керла дешнаш юкъадог1уш хилар.

Архаизмаш ширделлачу дешнех олу: отту(адъютант),хьукмат,талмаж,къепал,лахьоврч(ракушка),шатлакх , б1арза,ц1етуху,кост,чардакх,напг1а,хасп,лахьа…

Дахарера д1аевллачу х1уманийн ц1ераш билгалъечу дешнех историзмаш олу : пурстоп,геланча,х1оллам,к1арлаг1а,эла,сахь,мажар…

Неологизмаш керлачу дешнех олу: космос, космонавт, ракета, комьютер…



1амийнарг т1еч1аг1дар

Кхочушдо 10 шардар

12- г1а шардар йозан у т1ехь кхочушдо.

Рефлекси

1.Муха хийти шуна вайн урок?

2.Ца кхеташ дисина х1умма а дуй?

3.Буй вайн мотт уггаре а ширачу а,хьалдолчу а меттанех цхьаъ?

Синквейн- Дош

Керла,шира

1амаво, кхетаво, кхиаво

Меттан 1илманан дакъа ду

лексика

III. Ц1ахь бан болх—

- Кхочушде 13-г1а шардар,5-г1а бакъо 1амае





10 кл. Урок№ терахь


Тема: Нохчийн меттан а, т1еэцна дешнаш.


1алашонаш:

1аморан: 1.Нохчийн метан дешнийн хазна карлаяккхар.

2. Уьш вовшех къасто а хаар;

Кхиаран: 1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;

2.Шайн маттахь долу керла а,ширделла адешнаш довза хьашт хилар ч1аг1дар;

Кхетошкхиоран: 1. нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна

йовзийтар,берийн нохчийн матте безам кхиор;

2.Шен мехкан 1аламе безам кхиор.

Урокан тайпа - керла тема Iамор.

Урок д1аяхьар.

Ойла тIеерзор (мотивация)

Маьрша дог1ийла шу, хьоме бераш!

Тахана вай цхьаьна д1ахьур ю

Коьртаца ойла ян еза,

Дагалацам хила беза,

Дуьйцург дагахь латто деза,

Рог1ера беркате урок.

I. Ц1ахь бина болх таллар.

13-г1а шардар толлу

Карладаккхарна хаттарш:

1.Стенах олу лексика?

2.Омонимаш стенах олу?

3.Синонимийн,антонимийн башхалла йовзийта.

4.Неологизмаш стенах олу?

5.Х1ун башхо ю архаизмашний,историзмашний юкъахь?



II. Керла коьчал йовзийтар

Хьехархочо довзуьйту, цхьа а мотт беккъа ц1ена шен дешнех лаьтташ цахилар. Зама хийцаяларца цхьадолу дешнаш юкъара д1адовлуш, керла дешнаш юкъадог1уш хилар.Довзуьйту ,1илманчаша дуьненчохь 3000 сов мотт лоруш хилар,нохчийн мотт царна юкъахь уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ хилар. Масална Л.Н.Толстойн нохчийн маттах лаьцна дешнаш дало мегар ду.Кхечу меттанашкара цхьацца бахьанашца т1еэцна дешнаш хилар довзуьйту.

Ясакх(турк.)-нохч .маттахь ял.

Х1онс (х1ирийн)-нохч.м .даьхни

1аьрбийн матера т1еэцна:еса,жам1ат,салават,къор1а,хьаьрк…

1амийнарг т1еч1аг1дар

1.§ 6-г1а йоьшуьйту,цунах юкъара кхетам ло

2. .§ 6-г1а масалш йозан белхан тептарш т1е схьаяздо

Рефлекси

1.Муха хийти шуна вайн урок?

2.Ца кхеташ дисина х1умма а дуй?

3.Буй вайн мотт уггаре а ширачу а,хьалдолчу а меттанех цхьаъ?

Синквейн- мотт

хаза,исбаьхьа

1амаво, кхетаво, кхиаво

Адамийн дахарехь коьртаниг лору

хазна

III. Ц1ахь бан болх—§ 6. Ш. 4






10 кл. Урок№ терахь


Тема: Литературни меттан лексикан тайпанаш.

1алашонаш:

1аморан: 1. Литературни меттан лексикан тайпанех юкъара кхетам балар.

2. Уьш вовшех къасто а хаар;

Кхиаран: 1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;

2.Шайн маттахь долу керла а, ширделла а дешнаш довза хьашт хилар ч1аг1дар;

Кхетошкхиоран: 1. нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна

йовзийтар,берийн нохчийн матте безам кхиор;

2.Шен мехкан 1аламе безам кхиор.

Урокан тайпа - керла тема Iамор.

Урок д1аяхьар.

Ойла тIеерзор (мотивация)

Маьрша дог1ийла шу, хьоме бераш!

Тахана вай цхьаьна д1ахьур ю

Коьртаца ойла ян еза,

Дагалацам хила беза,

Дуьйцург дагахь латто деза,

Рог1ера беркате урок.

I. Ц1ахь бина болх таллар.

14-г1а шардар толлу

Карладаккхарна хаттарш:

1.Стенах олу лексика?

2.Муьлха тайпа дешнаш девзи вайна?

3.Масалш даладе нийса а,тардинчу а маь1нехь лелачу дешнийн.



II. Керла коьчал йовзийтар Хьехархочо довзуьйту литературни матто дахаран массо а декъехь г1уллакх деш хилар,цуьнга хьаьжжина шайн-шайн тайпанашка уьш декъадалар а,иштта довзуьйту, юкъараллин дахаран тайп-тайпанчу аг1онашкахь буьйцучу литературни меттан тайпанех литературни меттан стилаш олуш хилар а, ткъа уьш 1амочу 1илманан декъах стилистика олуш хилар а.

Литературни меттан къастош йолу коьрта стилаш ю барта къамелан а, книжни меттан а стилаш. Книжни меттан стилашна юкъайоьлху литературни меттан 1илманан а, г1уллакхан а, публицистически а стилаш.

Исбаьхьаллин стило шатайпа меттиг д1алоцу адамийн дахарехь. Иза синкхачаман стиль ю ала мегар ду, х1унда аьлча дешнаш нийса харжа хааре терра, дог-ойла а, синхаам а дика къасторе хьаьжжина, х1уманан сурт х1отторе а, къеггина, бакъ васт гайтаре а хьаьжжина, дешархочун даг т1е кхочуш хуьлу произведенин дешнаш.

1амийнарг т1еч1аг1дар

1.Слайдаш т1ехь болх

2.Кхочушдо 16-г1а шардар

Рефлекси

1.Муха хийти шуна вайн урок?

2.Ца кхеташ дисина х1умма а дуй?

3.Буй вайн мотт уггаре а ширачу а,хьалдолчу а меттанех цхьаъ?

Синквейн

  • СТИЛЬ

  • БАРТА КЪАМЕЛАН, КНИЖНИ МЕТТАН

  • IАМАВО, КХИАВО, ПАЙДАОЬЦУ,

  • ДАХАРЕХЬ УГГАРЕ МЕХАЛА ГIИРС

  • МОТТ



III. Ц1ахь бан болх—

- Кхочушде 17-г1а шардар,7-г1а бакъо 1амае

§7. Ш. 17