10 кл. Урок№ терахь
Тема: Нохчийн меттан а, т1еэцна дешнаш.
1алашонаш:
1аморан: 1.Нохчийн метан дешнийн хазна карлаяккхар.
2. Уьш вовшех къасто а хаар;
Кхиаран: 1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;
2.Шайн маттахь долу керла а,ширделла адешнаш довза хьашт хилар ч1аг1дар;
Кхетошкхиоран: 1. нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна
йовзийтар,берийн нохчийн матте безам кхиор;
2.Шен мехкан 1аламе безам кхиор.
Урокан тайпа - керла тема Iамор.
Урок д1аяхьар.
Ойла тIеерзор (мотивация)
Маьрша дог1ийла шу, хьоме бераш!
Тахана вай цхьаьна д1ахьур ю
Коьртаца ойла ян еза,
Дагалацам хила беза,
Дуьйцург дагахь латто деза,
Рог1ера беркате урок.
I. Ц1ахь бина болх таллар.
13-г1а шардар толлу
Карладаккхарна хаттарш:
1.Стенах олу лексика?
2.Омонимаш стенах олу?
3.Синонимийн,антонимийн башхалла йовзийта.
4.Неологизмаш стенах олу?
5.Х1ун башхо ю архаизмашний,историзмашний юкъахь?
II. Керла коьчал йовзийтар
Хьехархочо довзуьйту, цхьа а мотт беккъа ц1ена шен дешнех лаьтташ цахилар. Зама хийцаяларца цхьадолу дешнаш юкъара д1адовлуш, керла дешнаш юкъадог1уш хилар.Довзуьйту ,1илманчаша дуьненчохь 3000 сов мотт лоруш хилар,нохчийн мотт царна юкъахь уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ хилар. Масална Л.Н.Толстойн нохчийн маттах лаьцна дешнаш дало мегар ду.Кхечу меттанашкара цхьацца бахьанашца т1еэцна дешнаш хилар довзуьйту.
Ясакх(турк.)-нохч .маттахь ял.
Х1онс (х1ирийн)-нохч.м .даьхни
1аьрбийн матера т1еэцна:еса,жам1ат,салават,къор1а,хьаьрк…
1амийнарг т1еч1аг1дар
1.§ 6-г1а йоьшуьйту,цунах юкъара кхетам ло
2. .§ 6-г1а масалш йозан белхан тептарш т1е схьаяздо
Рефлекси
1.Муха хийти шуна вайн урок?
2.Ца кхеташ дисина х1умма а дуй?
3.Буй вайн мотт уггаре а ширачу а,хьалдолчу а меттанех цхьаъ?
Синквейн- мотт
хаза,исбаьхьа
1амаво, кхетаво, кхиаво
Адамийн дахарехь коьртаниг лору
хазна
III. Ц1ахь бан болх—§ 6. Ш. 4