Урок на тему: Цхьалхечу предложенин кепаш 11 класс

Автор публикации:

Дата публикации:

Краткое описание: ...


11кл Нохчийн мотт

Урокан чулацам:. . Цхьалхечу предложенин кепаш

Урокан 1алашо:Дешархой цхьалхечу предложенин кепах кхетор;дешнийн юкъара уьйр йовзар.Къамелан 1алашоне хьаьжжина предложенеш нийса еша хаар.

Урок д1аяхьар.

1.Класс урокана кечъяр

2.1амийнарг карладаккхар

а)Хьалхарчу урокехь вай карлаехира предложенин коьрта меженаш.Уьш ю подлежащи,сказуеми,нийса кхачам.

Масала:Т1ееара 1аьржа буьйса.Асета дика доьшу ишколехь.

б)Фонетически къастам бе: Доьзалхо,дийцархо

3.Нийсаяздаран бакъонаш карлаяхар Й,Ъ,Ь

Дуьйцу,шелъелла,мацъелла,разъяьлла,х1аллакьхилла,з1окьеттарг, шокьеттарг.

4.Урокан чулацамах кхетам балар

Цхьалхечу предложении кепаш xlорш ю:

  1. юьхьан: Асет ишколе деша йоьду;

  2. билгала-юьхьан: Бакъдерг алахъа соъга;

  3. билгалза-юьхьан: Селхана туьканахь керла книгаш йоъхкира;

  4. юкъара-юьхьан: Нехан динара хотталахъ вуссу (милла а );

  5. юьхьза: Тахана арахь хаза ю;

  6. ц1еран: Хаза буъйса;

  7. яржаза: Дог1а doгly;

9) юьззина а, юьззина йоцу а:

  • Зина, хъо соьца ишколе йог1ий?

  • Йог1у... (юста: Со хьоьца ишколе йог1у.)

  1. Шена чохь подлежащи а, сказуеми а долчу предложених юьхьан предложена олу. Хъалхарчу сентябрехь бераш ишколе деша дахара.

Юьхьан предложенеш яржаза а, яьржина а хуьлу. Говр ежа (яржаза предложени). Стоьмийн бешан йоккхачу кертахь, буи, йолчу йистехь, ежаш яра говр (яьржина предложени).

  1. Шена чохь подлежащи а доцуш, сказуемино формица а, маьТница а иза билгалдечу предложених билгала-юьхьан предложени олу. Тховса тхоьга волахьа. Шайга вигахьа со.

  1. Шена чохь подлежащи долуш а, юьхь билгал ца еш а йолчу предложених билгалза-юьхьан предложени олу. Селхана киоскехъ тетрадаш доьхкира.

Билгалзачу-юьхьан предложенехь коьрта лору дуьйцуш долу дар, ткъа и дар кхочушдийриг тидаме ца оьцу. И дар кхочушдийриг цу г1уллакхан говзанча я цуьнан декхар кхочушдийриг ву. М а с а л а: Тетрадаш доъхкинарг цу киоскехъ йохкархо ву. Газеташ деаний?

  1. Шена чохь подлежащи а доцуш, юкъарчу маь1ница иза дало тарлучу предложених юкъара-юъхъан предложени олу. Охуш аьлларг оруш карийна. (Хъанна а.)

Коьртачу декъана юкъара-юьхьан предложени халкъан хьекъалечу кицанах хуьлу. Къоламца яздинарг дагарца хадалур дац. (Цхъаънгга а.)

  1. Шена чохь подлежащи доцуш а, хила оьшуш а йоцчу предложених юьхьза предложени олу. Х1инца арахь шелъелла.

Юьхьза предложени а хила тарло яьржина а, яржаза а. Шелъяла йоьлла (яржаза). Арахь шелъяла йоълла (яьржина).

  1. Подлежащи бен, кхин коьрта меже йоцчу предложених ц1еран предложени олу. Шийла буъйса. 1аьнан буьйса. Щеран предложенеш а хила тарло яьржина а, яржаза а.

  2. Кхетаран оьшу меженаш шена чохь йолчу предложених юьззина предложени олу. Дешархоша кест-кеста керла книгаш йоъшу.

  3. Коьрта я коьртаза меженаш юкъа ца ялош, эшош, амма уьш маь1ница атта схьакарош йолчу предложених юьззина йоцу предложени олу.

Доцца юкъара маь1на. Дешнаш ца эшош аьллачу предложених юьззина предложени олу, ткъа дешнаш эшош аьллачу предложених юьззина йоцу предложен иолу.

5.1амийнарг т1еч1аг1дар

Кхочушдо шардар 77,къовларшна юкъахь цхьалхечу предложенин кепаш билгал а йохуш.

6.Урокан жам1 дар.

-Маса кеп ю цхьалхечу предложенин?

7.Ц1ахь бан болх: § 35,шардар78