Урокан ц1е: Билгалдош карладаккхар.
1алашо: Билгалдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар, и юкъахь долуш предложенеш х1итто хаар. Билгалдашо предложенехь деш долу син-таксически г1уллакх. Билгалдешан терахь, классан гайтам, цуьнан даржаш. Т1еэцна билгалдешнаш нийсаяздан хаар.Доттаг1ашка болу безам ч1аг1бар.
Урок д1аяхьар.
1.Ойла т1еерзор.
2.Ц1ахь бина болх таллар.
3. Дешархошка болх бойту уьн т1ехь тобанашца:
ра тоба
Билгалдош, цуьнан маь1на, морфологически бил- галонаш.
Легаде акха цициг, гергарниг.
Морфологически къастам бе: Мерзо нам болу иг ду пгхан бешара 1ежаш.
г1а тоба
Билгалдешнийн тайпанаш.
Легаде телевизионни хаам, телевизионниниг.
Сиха говр, говза пхьар боху билгалдешнаш дус- таран а, т1ехдаларан а даржашка х1иттаде.
4.1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар
Дешархоша кхочушдо 65-г1а шардар.
Сирла, воккха, дика, хаза, атта, парг1ат боху билгалдешнаш дустаран а, т1ехдаларан а даржашка х1иттаде.
Легаде бабиниг, бабин пух1анан бой, ламанан леча, юьртара майда, юьртарниг боху дешнийн цхьаь- накхетарш.
4. 0ьг1аза, дегаза, сийсаза, эвхьаза боху билгалдеш- наш юкъахь долуш, дешнийн цхьаьнакхетарш х1иттаде, т1аккха уьш юкъахь долуш предложе- неш язъе.
- Муха кхолладелла и билгалдешнаш?
5.Дешархошка шайга болх байтар
1-ра кеп.
Кхочушдо 68-г1а шар дар.
Легаде таьллийн ора- маш, таьллийниг.
Шедачу куьйгаца хъаъс- тира цо буобер. Билгалдаьккхинчу бил- галдашна бе морфологически къастам.
2-г1а кеп.
Кхочушдо 70-г1а шардар.
Легаде баьллийн мутт, баьллийниг.
Белхалой бовхачу кха- чанах кхетаза дукха хан яра.
Билгалдаьккхинчу билгалдашна бе морфологически къастам.
6.Хьалххе хаийтаран диктант
Къегина кхеттачу малхо серлаяьккхина 1уьллура ерриге а район. Кху ломан басера охьахьаьжча, шерра къаьстара дукхахйолу ярташ. Нихалахь дара Ибрах1иман ден-ненан ц1а а. Кхузара охьахьаьжча гора к1антана баьццарчу стоьмийн дитташна юкъахь шайн ц1енойн кибарчигийн тхов. (С-Хъ. Нунуев)
Дал аде л масалш.
Билгалдаха билгалдешнаш, схьаязде уьш дозуш долчу ц1ердешнашца.
Морфологически къастам бе буха сизаш хьаькхначу билгалдешнашна.
7.Рефлекси.
Ц1ахь бан болх
1.Карлаяха 1 – 11-г1ий пп, 12-чу хаттаршна жоьпаш ло.