Разработка урока чеченского языка 2 класс

Автор публикации:

Дата публикации:

Краткое описание: ...


Нохчийн мотт

Тема: «элп Ъ- къасторан хьаьрк»

1алашо: элп Ъ мукъаза аз билгалдеш хиларх лаьйна болу хаамаш т1еч1аг1бар. Ъ- элпо лелош болу шолг1а некъ- къасторан хьаьрк- берашна бовзийтар, цунах йозанехь пайдаэца 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш

Метапредметни

Регулитивни: берашна хуур ду урокан 1алашо билгалъяккха, шайна хьалха хьехархочо х1оттийна проблемни т1едилларх кхета , цунах пайдаэца. Берашна хуур ду шайн белхан план х1отто, цунах пайдаэца.

Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаржан жоьпаш дала, вовшашца къамеле бовла. Берашна хуур ду шайн накъосташца тобанехь болх бан , шайна хетарг вовшашца тала , масал далорца т1еч1аг1дан.

Познавательни: берашна хуур ду элп Ъ пайда а оьцуш , йозанан корматалла совъяккха. Орфографически тидам алсамбер бу. Ойлаяр , тидаме хилар кхуьур ду.

Личностни: берашна хуур ду ненан мотт хаар , иза 1амор шайна пайдехь , оьшуш г1уллакх хилар. Ненан мотт 1аморе лаам хир бу дешархойн.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар № 225 , аг1о 74.

-Муьхачу маь1нехь лела Х1АЪ дашехь элп Ъ? (Цо мукъаза аз билгалдо)

2.1алашоне кхиор.

Тобанашк дешнаш декъар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Зураъ, 1айнаъ,пхиъ, язъеш, шелъеш, хьагъеш.

-Х1ун ду цу дешнийн юкъара? (Массо а дашехь элп Ъ ду)

-Шина тобане декъа дешнаш.

-Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? (Зураъ, 1айнаъ,пхиъ)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Церан чаккхенгахь ду элп Ъ, цу дешнашкахь элпо Ъ мукъаза аз билгалдо)

-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? (Язъеш, шелъеш, хьагъеш)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане ? (Церан элп Ъ дашна юккъехь ду , цо цъьа а аз билгал ца до)

-Д1аяздер вай шолг1ачу тобанера дешнаш диктантан хьесапехь.

-Х1ун хаа дели шуна элп Ъ дашна юккъехь? (Цо аз билгал ца до)

-Нийса боху. Оцу дешнашкахь элп Ъ къасторан хьаьркан маь1нехь лела)

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана урокехь?

-Вай 1амор ду элп Ъ. Цуьнан шолг1а некъ бевзар бу- къасторан хьаьркан маь1нехь лелаш хилар.

3. Керла тема хьехар.

1.Бакъо таллар аг1о 74.

-Д1аеша 74 аг1он т1ера бакъо.

-Муьлхачу маь1нехь лела нохчийн маттахь элп Ъ? (къасторан хьаьркан маь1нахь)

-Х1ун гойту къасторан хьаьрко? (Къасторан хаьрко гойту мукъа аз , мукъазчух д1ауьйш ца хилар)

-Муьлхачу меттехь яздо и дашехь? (Мукъаза элпашна т1ехьа , мукъачаьрна хьалхахь)

-Даладел масалаш.

2. Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 226 , аг1о 74.

-Д1адеше т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар ? (Къасторан хьаьркана к1ел сиз хьокхуш схьаязде дешнаш)

Шардар № 227, аг1о 75.

-Д1адеша шардар . Муха кхочушдан деза иза?

-Д1адеша хьалхара дош. Муьлхачу меттехь яздина элп Ъ? (Мукъаза элпана т1ехьа , мукъачунна хьалха)

-Цо х1ун гойту? (Цо гойту мукъаза аз мукъачуьнца д1ауьйш ца хилар)

,Д1аязде шардар.

  1. Сада1аран миноташ.

  2. Керла тема кхин д1а а хьехар.

А) Предложенех болу хаамаш шорбар.

Шардар № 229, аг1о 75.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочуш дан деза шардар? (Йоьхна предложенеш нисъян еза)

-Кхин х1ун дан деза ? (Къасторан хьаьркашна буха сиз хьакха деза)

-Д1адеша хьалхарчу мог1анера дешнаш. Мила ю цу т1ехь юьйцуш ерг? Хьанах лаьцна хир ю предложении? (Асетах)

-Асета муха? Х1ун ? дира? (Асет кечъелла школе яхара_

-Д1аязъе шайн дагара предложении- (Хьехархочо берашка таллархьамара уьн т1е д1а а язйо иза ,цул т1аьхьа. Бераша шаьш язйинарг уьнтера чуьнца толлу)

-Д1адеша шолг1ачу предложенера дешнаш. Стенах лаьцна хир ю вайн предложении? (Могашаллех лаьцна)

-Х1ун дан деза могашаллина? (Могашалла ларъян еза)

-Д1аязъе предложении.

-Д1адеша шолг1ачу мог1анера дешнаш.

-Х1ун хила арахь? (Арахь ч1ог1а шелъелла)

-Д1аязъе предложении.



Аь) Тобанашкахь болх бар.

1-ра тоба схьаязде элп Ъ мукъаза аз хила лела дешнаш.

2-г1а тоба схьаязде элп Ъ- къасторан хьаьркан маь1нехь лела дешнаш.

Хазъелла , шелъелла , шиъ, 1айнаъ, Асмаъ, Юшаъ, яцъелла , разъяьлла, юьстахъяьлла.

Б. Кхоллараллин болх.

Бераш аша язъян еза жима сочинении элп Ъ лаьцна.



Элп Ъ шатайпана ду нохчийн алфавиетехь. Цуьнан г1уллакхаш тайп- тайпана ду. Элпо Ъ билгалдо….. (мукъаза аз) ,нагахь иза дашна т1ехьа нислахь . Масала……

Элп Ъ шолг1а некъ а лелабо . Из алела …. (Къасторан хьаьркан маь1нехь) , нагахь сана иза мукъаза озана т1ехьа, мукъачунна хьалхахь нислахь. Масала….



  1. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Х1ун диси ца кхеташ?

-Х1ун ду шун дика нисделларг?

5.Жам1 дар.

-Маца до элпо Ъ мукъаза аз билгал?

-Муьлхачу меттехь хилча билгалдо элпо Ъ къасторан хьаьрк?

6.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 228 , бакъа 74 аг1он т1ера.