Кхеторан кехат
Документан бух
8-г1а классан литературина лерина долу х1ара документ кхоьллина юкъарадешаран а, коьртаюкъарадешаран а пачхьалкхан программин буха т1ехь. Программо предметан чулацам схьа а боьллу, бовза а бовзуьйту, билгалбоккху. Белхан программо, литература 1аморан 1алашонца цхьаьна а дог1уш, дешархой кхиоран, кхеторан, 1аморан а юкъара некъаш довзуьйту.
Документан д1ах1оттам
Литературин белхан программа дийна цхьа документ ду, цу юкъадог1у:
– кхеторан кехат;
– дешаран-тематикин план;
– дешархойн хаарийн т1ег1а;
– дешаран методикин болх кхочушбан оьшу г1ирсаш билгалбахар.
Дешаран предметан юкъара характеристика
Лаккхара ийман а долуш, эстетикин мах хадо а хууш, г1иллакх-оьздангаллех массо а аг1ор адам кхиорехьдоккха маь1на ду исбаьхьаллин литература. Дешаран хьукматехь литература хьехар кхочушдо искусствон дахарца з1е тасарца, кеп а, чулацам а вовшех буозарца, историна, ламасташца, керла юкъадалорашна т1е а тийжаш,историн-культурин хаамех пайдаоьцуш, литературин теорин а, историн а коьрта кхетамаш 1амош, исбаьхьаллин произведенеш талла а,церан мах хадо а хаарш луш, литературин метан исбаьхьаллин г1ирсаш караберзош а.
Дешаран хьукматехь литература хьехаран 1алашо-дешан искусство, классически а, кхечу халкъийн а литературийн хьал довзийтар; литературан социокультурин цхьана декъах сана кхетамбалар.Литература 1аморан бух-исбаьхьаллин говзарш ешар а, 1амор; историн-культурин а хиламийн а, дешан говзанчийн биографеш а йовзийтар.
Литературин говзарийн эстетикин мах хадо, царех кхета дешархой 1амор.
Дукха хенахь дуьйна исбаьхьаллин аг1ор дерриге халкъо классически аг1ор къобалйина, мехкан а, дуьненан а литературин хазна хилла д1ах1иттина исбаьхьаллин говзарш 1аморехь бен кхочушъялур яц литературин 1алашонаш. Цу т1е а доьг1на, школехь литература 1аморан 1алашо ю лаккхара исбаьхьаллин кхачам болу, дахаран бакъдерг гойту, юкъара синмехаллаш йовзуьйтуш, адамашкахь лекхара синъоьздангаллин синхаамаш кхуллуш йолу дуьненахь тоьлла йолу дешан культурин исбаьхьаллин говзарш дешархошн а йовзийтар.
8 – чу классехь нохчийн литература к1иранах 2 сохьтехь хьеха лерина ю программа.
Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза метапредметни жамIаш:
- барта а, йозанан а хаамех цхьатера кхеташ хилар (Iалашонех, теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех);
-тайп-тайпанчу хотIийн (стилан), жанрийн тексташ массо кепара ешар карадерзор;
- билгалбинчу барамехь яцйина (план, юха схьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;
- тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар;
-шена хаарш лаха а, карадерзо а хаар; тайп-тайпанчу хаамийн хьостанашца, Интернетан гIирсашца а цхьаьна, болх бан а, справочни литературех а пайда эца хаар;
- билгалйинчу темина коьчал схьахаржа а, иза цхьана къепе ерзо а хаар; таллам бан а, цхьаъ вукхуьнца юста а, схьагайта а, жамIаш дан а, юкъара маьIна даккха а, шена хетарг тIечIагIдеш, делил дало а хаар.
- оьрсийн мотт Iаморехь нохчийн маттах пайда эца хаар;
- ша дечу къамелан терго яран хаарш карадерзор;
- меттан башхаллех пайда эца хаар (нохчийн меттан, оьрсийн меттан, кхечу пачхьалкхийн меттанийн, литературин урокашкахь).
Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхинчу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза предметни жамIаш:
-базови кхетамаш караберзор: мотт а, къамел а, барта а, йозанан а къамел, диалог, монолог, къамел даран хьелаш, литературни меттан норманаш, текст,;
- юкъаметтигаш а, хьелаш а тидаме а оьцуш, шен къамелехь нийса меттан дакъойх пайда эцар;
-нохчийн литературни меттан норманаш а, къамелан оьздангалла а евзаш хилар а, барта а, йозанан а аларех шен къамелехь пайда эца хаар;
-тайп-тайпанчу лингвистически а, ткъа иштта шинаметтан а словарех пайда эца хаар;
-тайп-тайпанчу жанрийн, хотIийн (стилан) тексташ юкъарчу чулацамах кхеташ еша хаар: исбаьхьаллин (стихаш, эшарш, дийцарш, романийн, повестийн дакъош), дешаран-Iилманан (учебникаш, хрестоматеш тIера тексташ), Iилманан-гIараевлла (шуьйра девзаш долчу журналаш тIера статьяш), публицистически (хроника, информационни хаам, комментари), гIуллакхан (анкеташ, тоьшаллаш и дI. кх. а);
- лергана хазарехь юккъерчу барамехь ( хьехархочун, телевиденин, радион дикторан къамел) бовзуьйтучу хаамах кхетар;
-юкъаметтигаш дIакхехьаран тайп-тайпана хьелаш тидаме а оьцуш, массо кепара жанрийн, хотIийн (стилан) тексташ кхоллар; къамел долоран юьхь шегахь а йолуш, Iер-дахаран, дешаран, социокультурни теманашна гIиллакхехь диалогаш дIаяхьа хаар;
-хаамийн хьостанах санна пайда эцарца текстаца болх бан а, текстан массо кепара анализ ян а, текстан хаамийн коьрта кепаш плане, тезисе, конспекте а юха кечъян хаар;
- текстан дакъош нохчийн маттера оьрсийн матте гочдар.
Белхан программин чулацам
68 сахьт
Чулацам Сахьт
Исбаьхьаллин литература – дешан искусство
1
Искусствон тайпанаш а, литература а.
1
Арсанукаев Ш. "Тимуран тур"; Тимур лам чохь.
4
Авалиани Л. "Хьаькхна буц".
2
Бадуев С. "Олдам"
2
Мамакаев М. "Лаьмнийн дийцар".
2
Музаев Н. «Накъосташка».
1
Ахмадов М. «Мохкбегийча»
4
Бисултанов А. "Дег1аста".
1
Сулейманов А. «Дахаран генаш», «Дог дохден ц1е»
4
Хасбулатов Я. "Къоьзана".
2
Эдилов Х-М. "Сий делахь, Латта".
1
Супаев Руслан "Нохчийн халкъ".
1
Яшуркаев С. "Маьрк1аж - боданна т1ехь к1айн хьоькх"
4
Анзорова Б. "Нохчийчоь - сан маьрша ага".
1
Саидов Б. "Вина юрт"
4
Сулаев М. "Пхьарматан б1аьрхиш"
2
Поэмин жанран башхаллаш къастор
1
Дадашев 1. "Дайна бер". Нохчийн шира 1адат.
4
Шайхиев 1алвади "Безаман декхар.
2
Хамидоа 1-Хь. "Д1а-коч, схьа-коч".
2
Нунуев С-Хь. "Лазийна шовда". Илес базанийн хьуьнах.
2
Классал арахьара дешар
6
Къамел кхиорна
9+5
Литературан теоран хаарш карладахарна
2
Жам1 дар
68
8-г1а класс чекхъяьккхинчарна хаа дезарг
Литература 1амийначу дешархочунна хаа деза:
-1амийначу произведенийн авторш, ц1ерш,ц1ерийн маь1на, произведенийн чулацам, турпалхой, хиламийнуьйр;
-халкъан, литературан туьйранашна юккъехь йолу башхаллаш;
-исбаьхьаллин произведенехь монолог,д иалог , дустар, эпитет къасто;
- дагахь 1амийна произведении къастош еша.
Дешархошна 1емина хила деза:
–говзар т1ера исбаьхьаллин суьрташ шайн ойланехь юха схьах1итто;
–произведении т1ера эпизодаш схьакъастор, церан хенан йохаллин а, бахьанийн а уьйраш гайтар;
-дустарш, эпитеташ текстехь гучу а йохуш ,царех кхетамбалар;
–исбаьхьаллин говзар къастош еша;
-хьехархочо т1едилларца турпалхочун васт х1оттор.